Духовно-нравственное воспитание

03.02.2022

Къадарийн Т1арикъатан Устаз , Аллах1 Дела Воккха Вели Илсхан Юртар Шейх - Киши Во1 Кунта- Хьажа (Дала къайле ц1ан йойла Цуьнан ) Нохчийчура бахархой Еарин дийнахь дагалоцуш бара уггаре а махкахь лоруш болчу эвлаяэх волу Кишин Кунта-Хьажа. 1864 шарахь Дечкен-баттахь оьрсийн паччахьан Iедалша махках ваьккхина ву иза. И хилам дагалоцуш бIаьннаш Кунта-Хьаьжин мурдаш а, могIарера бахархой а, зуькарш а деш, буьйлабелира Соьлж-ГIалан коьртачу урамехула. Кишин Кунта-Хьажийн дахарх лаьцна дийцар дийхира оха нохчийн вевзаш волчу историн Iилманче Вачагаев Майрбеке. Вачагаев Майрбек: «Иза ша Илсхан-Юьртара ву. Цигахь вина а ву иза. Цуьнан да а, деда а Илсхан-Юьртахь Iийна бу. Цуьнан дахарехь коьртаниг ду иза кIедарий тIарикъат даржийна хилар. Иза дуьххьара Къилбаседа Кавказе деанарг а, даржийнарг а Киши Хьаьжа ву». Эвлаяан некъ муха нисбелла Кишин Кунта-Хьаьжин бохучу хаттарна иштта жоп делира Вачагаев Майрбека. Вачагаев Майрбек: «Схьагуш долчу суртаца, иза Iелим стаг, дешна стаг ца хилла. Делан гергара нах олу-кх цу тайпачу нахах бусулба динехь. Иза наггахь хуьлуш хIума ду. Цуьнан цхьа билгало хуьлу. И стаг Дала цхьана кепара къастийна хуьлу. Цо дIахаийта дезарг дин чIагIдар ду, дин довзийтар ду, дин марздар ду, дин хаздар ду. Оцунна тIехь вуно дукха болх бина ву Кунта-Хьаьжа. Иза Хьаьжийн цIа вахана хилла, цу хенахь Мисара кхаьчна иза. Цигахь шена гинарг а, девзинарг а ду цо даржийнарг». Кишин Кунта-Хьаьжа вина хан билггала хууш ца хилар а билгалдоккха историн Iилманчо Вачагаев Майрбека. Вачагаев Майрбек: «Оцу хенахь, 19-гIа бIаьшо долалуш, олуш ца хилла, хIокха баттахь вина олий. Цу хенахь юьйцуш ерг хан хилла, кIа хьокхучу хенахь виний, марс хьокхучу хенахь виний олий. Ткъа гIазакхаша шаьш иза дIалоцуш яздинчу кехаташ тIехь билгалдаьккхина дац иза». Кунта -Хьаьжа Оьрсийчоьнан Iедалша дIалацар уггаре а тамашийна хIума ду цуьнан кхолламехь бохуш, дуьйцу Вачагаев Майрбека.